
Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам дийна хилар а, лазийна цахилар а хаийтина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.
«Сагатдинчарна баркалла! Султанан Адам дийна а, могаш-маьрша а ву, лазийна а вац. Суна-м иза дуьххьара дуьйна хууш дара, делахь а, эладитан хаам баржо болийча, шуьйрачу хаамийн гӀирсаш мел лахарчу тӀегӀанехь бу дӀагайта лиира суна нахана, къаьсттина украинхошна«, — йаздина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.
Иштта, интернет-йукъаралло укронацистийн аьшпаш бийцаре беш а болуш, оццу аьшпашкахь цара вийна хилла Делимханов Адам а, кхин Даудов Мохьмад а, Дудаев Ахьмад а дакъалоцуш а волуш, кхеташонан тайпана цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Кадыров Рамзана.
«Шайн-шайна къастийнчу меттигашкахь ду «АХМАТ» дáкъош. Церан могӀарехь ду Белгородан областехь долу Россин доза а. Таханлера хьал, ницкъаш дехьа а, сехьа а бахар дийцаре дина оха«, — билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Мехк-Дас.