
Экономикин йукъаметтигийн зӀенаш кхолларан а, кхиоран а Ӏалашонаш йолуш йу Нохчийн Республика а, Запорожьен область а.
Оцу хьокъехь болу барт тӀеэцна шина а субъектан Ӏедалан органаша — Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствос а, Запорожьен областан администрацин экономикин кхиоран министерствос а.
Петербурган дуьненайукъарчу экономикин XXVI-чу форумехь билгалдаьлла иза.