Къоьзан-Ӏомана гуонахара майданаш кхиоран план кечйийр йу «Кавказ.РФ» йукъаралло

Веданан кӀоштарчу Къоьзан-Ӏомана гуонахара майданаш кхиоран мастер-план кечйийр йу «Кавказ.РФ» йукъаралло.

Иштта барт хилла Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман а, Къилбаседе-Кавказан ФО кхиоран цхьааллин институтан коьртачу директоран Юмшанов Андрейн а.

Петербурган дуьненайукъарчу экономикин XXVI-чу форуман гурашкахь «Кавказ.РФ» йукъараллин хьалхара барт бу иза.

Юмшанов Андрейс билгалдаккхарехь, нохчийн Ӏомана мастер-план хӀотторан болх 2 декъах лаьтташ хир бу:
1) меттиг таллар а, мастер-план хӀоттор а;
2) кхиоран хьежамаш кхоллар а, уьш бовзийтар а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: