
Нохчийн бӀаьхойх лаьттачу «Восток-АХМАТ» батальонан а, «АХМАТ-Чечня» полкан а куьйгаллехь хийцамаш бина.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, Россин Федерацин гӀаролан министерствона йукъайогӀучу «Восток-АХМАТ» батальонан буьйранчин дарже Хамбулатов Ваха («Асхаб») хӀоттийна.
ХӀинццалц буьйранчин гӀовсан даржехь къахьегна вара иза.
Иштта, «АХМАТ-Чечня» полкан буьйранчин дарже хӀоттийнарг а билгалваьлла — Салиев Асланбек («Закат»).
Шайх тешийнчу даржашца и ший а декъалвина Нохчийн Республикин Мехк-Дас, керлачу декхаршца ший а ларор ву аьлла, ша тешна хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш.