
Эха-Борзерчу шолгӀачу ишколан хьашташна кхитӀе а корпус йеш йу.
«Дешар» къоман проектан а, «Дешар кхиор» программин а гурашкахь дӀахьош бу иза йаран белхаш.
220 меттигна лерина хир йолчу цу чохь хьалхарчу классийн дешархой дӀатарбийр бу.
Эна-Хишкан кӀоштан администрацин векалша билгалдаккхарехь, оцу эвлахь дешархоша 3 рожехь дешаран кхачарбацар и корпус схьайелларо дӀадоккхур ду.