
«Нохчийн Республикин вахархочун карта» а, «Туристан карта» а кхолла лерина Нохчийчохь.
И ший а карта «МИР» системин буха тӀехь болх беш хир ду.
Иштта барт хилла Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман а, НСПК «МИР» йукъараллин куьйгаллин а.
Хилла барт, куьйгаш а йаздеш, Петербурган дуьненайукъарчу экономикин XXVI-чу форуман гурашкахь тӀеэцна.