Россерчу онкологийн аьхкенан академехь дакъалаьцна Кадырова Хутмата

ХӀокху деношкахь Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьна Россерчу онкологийн аьхкенан академи.

Онкологин а, радиологин а, зӀенаран диагностикин а декъера цӀейаххана говзанчаш бара цигахь гулбелла.

МаьӀне дара цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикин Мехк-Ден Секретариатан куьйгалхочун гӀовс — могашалла Ӏалашйаран декъан куратор Кадырова Хутмат хилар.

Шен къамелехь цо билгалдаьккхира онкологин гӀуллакхалла Нохчийчохь кхиоран болх республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана лерринчу тергонехь латтош хилар.

Цул тӀаьхьа, вовшашна зеделларг а довзуьйтуш, онкологица а, зӀенаран дарбанца а, керлачу технологешца а доьзнарш дийцаре дира говзанчаша.

Билгалдоккху оцу академин белхан гурашкахь дакъалоцуш Нохчийн Республикин вице-премьер Алханов Адам а, Могашалла Ӏалашйаран министр Лорсанов Сулейман а, Россин могашалла Ӏалашйаран министерствон Радиологин НМИЦ-н коьрта директор Каприн Андрей а хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: