
Инвестклиматан къоман рейтингехь кхиамаш бахарца Нохчийн Республика декъалйина Россин Федерацин Президента Путин Владимира.
2022-чу шеран жамӀашца а догӀуш, оцу рейтингехь 6-гӀа меттиг йаьккхина вайн махко.
Цул а хьалхарчу шарца и хьал дуьстича, рейтингехь 7 тӀегӀа хьалайаьлла Нохчийчоь.
Стратегин дӀадолорийн агентствос дӀахьочу рейтинган жамӀаш Петербурган дуьненайукъарчу экономикин XXVI-чу форумехь довзийтина.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Иштта, 2021-чу шарахь йалийнчу инвестицел а 50,3% алссам инвестицеш 2022-чу шарахь йалийна хиларна тӀе тидам а бахийтина цо, церан барам 119,5 млрд ₽ хилар а хоуьйтуш.
«500 сов промышленностан предприяти йу республикехь. Уьш кхин а алсамйахаран декъехь къахьоьгуш ду вай«, — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.