
Петербурган дуьненайукъарчу экономикин XXVI-чу форуман гурашкахь дийцаре дина Нохчийчохь маьлхан 2 электростанци йаран гӀуллакх:
1) ТӀехьа-Мартан кӀоштахь (10 МВт);
2) Курчалойн кӀоштахь (25 МВт).
Цунна лерина цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Нохчийн Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима а, «Юнигрин энерджи» компанин коьртачу директора Шахрай Игора а.
Говзанчаша билгалдаккхарехь, муниципалитеташна токаца кхачойаран декъана гӀо-накъосталла деш хиларал сов, керла белхан меттигаш лур йолуш а йу и ший а станци.
Дагадоуьйту Нохчийчохь маьлхан хьалхара электростанци (5 МВт) Невран кӀоштахь хилар.