Кадыров Ахьмад: Кегийрхойн боламийн болх таханлерчу лехамашца богӀуш хила безаш бу

Нохчийчуьрчу кегийрхойн боламийн болх таханлерчу лехамашца богӀуш хила безаш бу.

Иштта дӀахьедар дина Йерригроссин берийн а, кегийрхойн а «Движение первых» боламан республикерчу Кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Ахьмада.

«Ахмат» а, «Путин» а, «Юные Кадыровцы» а боламийн куьйгалхошца цхьаьнакхетар дӀадаьхьна цо.

Оцу боламаша вайн махкахь кегийрхойн политика кхочушйарца а, церан Ӏалашонашца а доьзнарг дийцаре дина цигахь.

Цул сов, тӀекхуьуш долу чкъор патриоталлин а, Ийманехь а кхетош-кхиоран дакъошкахь беш болу болх жигарбаккха безаш хиларна тӀе тидам а бахийтина Кадыров Ахьмада.

Ша куьйгалла дечу «Движение первых» боламера оьшшуш долу гӀо-накъосталла хирг хилар а хаийтина цо.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: