«Нелегал-2023» цӀе а йолуш, каде болх дӀаболийна Россин Федерацин чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствос йерриге а субъекташкахь.
Кхеташ ма-хиллара, изза болх Нохчийн Республикехь а дӀаболийна.
Лакхахь хьахийнчу кадечу белхан хьалхара мур бу тахана дӀаболийнарг. Кхин а 6 дийнахь лаьттар болуш бу иза.
Бакъонаш йоццушехь федерацин субъекташкахь дӀатарбелла кхечу мехкийн бахархой а, церан зуламийн тобанаш а лоьхур йу оцу муьрехь.
Цул сов, Россин дозанехула герзаш а, наркотикаш а сехьайахаран балхаца боьзна нах а, уьш дозанехула дӀасалеларан «некъаш» а билгалдахаран декъехь а жигара къахьоьгур ду чоьхьарчу гӀуллакхийн министерствон векалша.