Шуьйтан кӀоштарчу Сона а, Суракх а эвлашка газ кхаьчна

Шуьйтан кӀоштарчу Сона а, Суракх а эвлашка кхаьчна газ.

ХӀинца дуьйна цунах пайдаэца аьтто хир бу шина а эвлахь хӀусамаш йан а, дӀатарбала а луучу бахархойн.

Царна, кхеташ ма-хиллара, боккха кхаъ а, доккха хазахетар а хилла цунах.

Оцу эвлашка газ йигаран болх йарташ кхиоран программин гурашкахь дӀабаьхьна.

Нохчийн Республикин йуьртан бахаман министерство йу оцу программина Ӏуналла деш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: