
ХӀокху беттан 21-23-чуй деношкахь Нохчийн Республикехь дӀахьур йу йоккха пресс-тур.
Россин регионашкара, Францера, Британера, Шемара, Гуьржийчуьра, Туркойчуьра, Сербера, Пакистанера, Чинера, Ӏамаркара, Нидерландера, Ӏаьрбийн Эмираташкара, Корейн Халкъан Демократин Республикера 70 гергга журналист хир ву цигахь дакъалоцуш.
Пресс-тур дӀайахьаран Ӏалашо: Нохчийн Республика йовзар а, йовзийтар а.
Хаамийн-политикин «Персона Страны» журналаца цхьаьна иза вовшахтоьхна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос.