Цхьа-ши дош…

Коалицин ницкъийн кеманаша ракеташ, бомбанаш тоьхна «иблисан пачхьалкхан» гIеранаша дIалаьцначу меттигашка. Зуламхойх и тохар дар бахьанехь хIаллакьхилларг билггал мел ву хууш дац.

                                          ***

Пальмира (Шема) шахьарахь «иблисан пачхьалкхана» юкъаозийначу къоначу террористаша тоьпаш тоьхна шаьш йийсарвина хиллачу Шемин эскаран 27 бIаьхочунна.

                                          ***

Иракан пачхьенехь Багдадехь тIекIал шозза теракт йина. Оцу бохамехь 11 стаг кхелхина, чевнаш йинарш шозза гергга алсам бу.

                                          ***

Фарз мархийн хIара Рамадан бутт карабеачахьана Йеменера хьал дикка синтеме ду. ТIемаш бар сацийна шина а агIоно.

                                          ***

Къилба Корейхь MERS коронавирус хьакхаеллачеран барам 186 стаге кхаьчна. И ун ца даржийта гIерташ шен ницкъ кхочург деш ду Iедал.

                                          ***

ТIаьхьарчу деношкахь дуьненан хаамийн гIирсаша коьрта тидам Желтойчоьнна тIебахийтина. КIирандийнахь цигахь референдум дIаяьхьча гучуделира желтойша кредиторийн лехамаш тIеоьцуш цахилар.

                                          ***

США-хь белхазаллин барам хIокху аьхкенан муьрехь 5,3 проценте кхаччалц лахбелла. Масала, Германехь и гайтам 6 процент бу (Европехь уггаре а лахара).

                                          ***

Россис 2016-гIа шо тIекхаччалц пошлина а ца йоккхуш мехкадаьттан сурсаташ а, газ а латтор ю Эрмалойчоьнна. Цу хьокъехь барт хилла шина пачхьалкхан Президентийн.

                                          ***

Канадин Iедало кхин а шорйина Россина дуьхьал еш йолу санкцеш. Иза Украинехь долчу хьолаца доьзна ду бахахь а, гуш ду цунна Iамарко Iаткъам бина хилар.

                                          ***

Одессехь сийначу цIарах дагийначу профсоюзийн цIа чохь хIинца тIеман-хIордан ницкъийн штаб йилла дагахь ду Украинин куьйгалла.

                                          ***

Россин кхерамазаллин Советан рогIерчу кхеташонехь тIеэцна къоман кхерамазаллин керла стартеги.

                                          ***

«Прогресс М-28М» киралелочу космически корабло МКС тIе дIакхачийна 2,4 тонна кира.

                                          ***

Леррина операци дIахьочу хенахь Дагестанехь ши террорист хIаллаквина. Герзаш дIасадетташ кхелхина республикин бакъонашларъяран органийн цхьа белхахо.

№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: