
Белгородан областехь йолу таможнин «Грайворон» туш нохчийн бӀаьхойн Ӏуналлехь йу.
Кадыров Рамзана бина оцу хьокъехь хаам Telegram чуьрчу шен каналехь.
Баханчу беттан чаккхенехь украинхойн нацисташа тӀелатар дина туш йу «Грайворон».
Цунах дукха доккха хазахетар а дина, нацистийн доларчу хаамийн гӀирсаша дуккха а бийцаре бина «хилам» бара иза.
Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, хӀинца и туш Ӏуналле лаьцнарг Курчалойн кӀоштан чоьхьарчу гӀуллакхийн дéкъан хьаькам Агуев Рустам ву.
«Таможнерчу белхахошна тӀелатар дан дӀоггара доьналла а ца оьшу. Ткъа хӀинца йуй цаьргахь майралла а, доьналла а?«, — йаздина Кадыров Рамзана.