
130 км хин биргӀанаш а йохкуш, Итон-Кхаьллан кӀоштарчу 7 йуьртана хица кхачойан лерина: 1) Итон-Кхаьллахь; 2) ЧӀаьнтахь; 3) Кхокхадахь; 4) ЧӀиннахахь; 5) КӀонжахахь; 6) Хьачарахь; 7) Гучум-Кхаьллахь.
И белхаш тӀедогӀучу 2024-чу шарахь дӀабахьа лерина хилар хаийтина Нохчийн Республикин гӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос.
Карарчу хенахь оцу проектан а, цунна леринчу сметин а кехаташ кечдарна тӀехь къахьоьгуш бу говзанчаш.