Некъан боламан кхерамзаллина лерина къовсам

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствос дӀакхайкхийна некъан боламан кхерамзаллина лерина къовсам.

«Баьццара тулгӀе» цӀе йолчу оцу къовсамехь дакъалоцуш хир бу нохчийн журналисташ.

ТӀебогӀучу беттан 21-ра де кхаччалц схьаоьцур бу цаьргара белхаш.

01.01.23 — 21.06.23 муьрехь зорбатоьхна а, арабевлла а, дӀагайтина а хила безаш бу уьш.

Белхаш схьаэцаран адрес: zelenaya_volna95@mail.ru / «На конкурс» билгало.

Къовсаман хьокъехь алссам хаамаш minnacinform-chr.ru сайта тӀехь бовзийтина бу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: