Брестан гӀопан гӀаролехь лаьттинчу нохчашна лерина хаамийн у хӀоттийна меттигерчу Иэсан аллейхь

Беларусерчу Брест гӀалахь схьайиллина Иэсан аллей.

Цу тӀехь, цкъачунна, хаамийн 4 у бен дац.

Даймехкан Сийлахь-боккхачу тӀамехь Брестан гӀопан гӀаролехь лаьттинчу белорусашна а, оьрсашна а, нохчашна а, гӀалгӀашна а лерина ду уьш.

«1941-1945-чуй шерашкарчу Даймехкан Сийлахь-боккхачу тӀамехь Брестан гӀопан гӀаролехь лаьттинчу Нохчийн Республикин бахархошна«, — йозанца кечдина нохчашна лерина хаамийн у.

Иэсан аллей схьайелларехь дакъалаьцна Беларусин а, Брестан областан а, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а, ГӀалгӀайчоьнан а векалша, Брестан гарнизонан бӀаьхоша, меттигерчу бахархоша.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: