Арахеца йолор ю керла продукци

Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министерствос кхочушъян йолош ю керла техника арахецаран проект.

И проект кхочушъяран гIуллакхаш дийцаре дарна лерина дара Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министран Таймасханов ГIаласан «Хьийзаен (приводной) техникин Алтайр-Грозный завод» ООО-н куьйгалхошца а, завод йиллархошца а хилла белхан цхьаьнакхетар. «Оргтехника» ГУП-о а, «Альтайр Дойчланд ГмбХ» компанис а цхьаьний йиллина предприяти ю иза.

Тхан Iалашо ю тахана чIогIа оьшуш йолу, хIинццалц дозанал арахьара чуйохьуш хиллачун метта, хьийзаен (приводной) техника арахеца, билгалдаьккхира ГI.Таймасхановс. Ша аьлча, къамел редукторш, муфтанаш, гIуйш (валаш), иштта кхин а хьийзоран энерги дIалуш болу гIирсаш арахецарх доллу.

Оцу декъехь Россин рынок хаъал импортах йозуш хилла хилар тидаме эцча, хIинца – санкцийн хьелашкахь – арахьара чуйохьучун метта шен продукци арахецаро дика Iаткъам бийр бу экономикин лаккхарчу технологин дакъош кхиорна а, белхан меттигаш хилийтарна а. ГI.Таймасхановс дийцарехь, вай юьйцуш йолчу предприятис («Хьийзаен техникин Алтайр-Грозный завод» ООО) шарахь арахоьцур йолу продукци цхьа миллиард соьман барамехь хир ю. Завод болх бан йолаяларо таро лур ю 200 сов белхан меттиг хилийта.

Белхан цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министран заместительша Рахмаев Султана, Межидов Асламбека, «Альтайр Дойчланд ГмбХ» компанин президента В.В.Фелька, «Оргтехника» ГУП-н директора Оздарбиев Джаддала, «Хьийзаен техникин Алтайр-Грозный завод» ООО-н генеральни директора Магомадов Артура.

Хь.ДОВКАЕВ

 № 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: