
Таханлерчу «Бенара бӀаьсте — 2023» фестивалан гурашкахь йуьртабахаман гайтам а бу Бенахь дӀахьош.
Цигахь, шайн-шайн сурсаташ а довзуьйтуш, вайн махкарчу цхьамогӀа совдегарша а, компанеша а, предприятеша а дакъалоцу.
Ткъа сурсатийн башхалла дукха йоккха йу: жижиган а, деман а, шурин а сурсаташ, стоьмаш а, хасстоьмаш а, мерзалгаш, и.д.кх.а.
Цул сов, сурсатийн и башхаллаш бахархошна борахчу мехах эца аьтто а бина гайтаман дакъалацархоша.
И болх вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин йуьртан бахаман министерство хилар билгалдоккху.