
Республикин кхийолчу муниципалитеташкахь а санна, Соьлжа-ГӀалахь а жигара дӀахьош бу бахархойн хӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран болх.
Пачхьенан мэрин векалша билгалдаккхарехь, 2023-чу шарахь иштта газ йига йезаш 1 620 хӀусам йу Соьлжа-ГӀалахь.
Царах 1 038 хӀусаман дозане газ йигаран болх дӀаберзийна говзанчаша хӀинцале а.
Кхин а 582 хӀусам йу белхаш дӀабахьаран могӀарехь.
Церан дозанашка газ йигаран болх тӀебогӀучу баттахь чекхбаккха лерина бу белхалой.