
Ламасте дирзина ма-хиллара, хӀокху шарахь а билгалдаьккхина Теркан гӀалагӀазкхийн зудчун де.
Меттигерчу гӀалагӀазкхаша и де билгалдоккху 230 сов шо хан йу.
Иштта, шолгӀа цӀе йолуш а ду и дезде — Невран гӀалагӀазкхийн зудчун де.
Ма-дарра аьлча, шолгӀа цӀе хьокъала доллуш а йу оцу денна, хӀунда аьлча, и де билгалдаккхар а, оцу денца боьзна хиламаш а Новр-ГӀалахь хилла бу.
Кхерсташ лелачу гӀезалоша Новр-ГӀалина тӀелатар дар а, и тӀелатар йухатохарехь меттигерчу гӀалагӀазкхийн зударша доьналла гайтар а бухехь долуш дезде ду иза.
И хилам генарчу 1774-чу шарахь хилла бу.
Дезчу денна леринчу даздаршкахь дакъалаьцна Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран гӀовс волчу Баширов Сайд-Мохьмада а, Невран кӀоштан префекта Бухадиев Мохьмада а.