Р.Кадыров: Шайн лаамаш бахьана долуш, цхьаболчара Даймохк дӀатосург хилла

Шайн лаамаш а, шайна хетарш а бахьана долуш, цхьаболчу наха Даймохк а, цунна хьалха долу декхарш а дӀатосург хилла.

Telegram чуьрчу шен каналехь иштта йаздина Кадыров Рамзана.

Кхеташ ма-хиллара, селханлерчу хиламашца доьзна ду иза.

Нохчийн Республикин Мехк-Дас билгал ма-даккхара, дуккха а нах йукъахь а болуш конфликт хила тарлуш йара селхана, дерриге а цхьана стеган лаамашца, хьежамашца доьзна а долуш.

Россин Федерацин цхьааллина дуьхьал арабевлларш хӀаллакбарца хила тарлуш йара оцу хиламан чаккхе а.

Делахь а, цӀий а ца Ӏенаш дӀадирзина и де.

Цунна тӀе а доьгӀна, ЧВК-н бӀаьхошка кхайкхам бина Кадыров Рамзана, тӀаккхахула мехкан а, доьзалийн а, берийн а кханенах ойла йеш хила аьлла.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: