Дуккха а гIуллакхех цхьаъ

0_74441_a1dc349d_orig

Хууш ма-хиллара, республикехь дIадолийна Нохчийчоьнан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна леринчу гIуллакхашна кечамаш бар. Оцу гIуллакхех цхьаъ ду август беттан 23-чу дийнахь Къоьзан Iома тIехь некадархойн къийсадаларш дIадахьар. И гIуллакх вовшахтохар шена тIелаьцна Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето. Цуьнан Iалашо ю Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дагалацар, кегийрхошна юкъахь спорт яржор, республикехь хиламийн туризм кхиор.

Къийсадаларшкахь дакъалаца йиш хир ю Россин регионашкарчу а, ткъа иштта кхечу пачхьалкхашкарчу а спортсменийн. Некадархойн хан а доза тоьхна яц, амма дакъалаца луучара тидаме эца деза Къоьзан Iоман хи шийла лаьтташ хилар – аьхкенан уггаре йовхачу хенахь а +9  +12 градусал хьала ца йолу цуьнан температура. 1000 метр йохаллина нека дар къовсарехь билгалдина дика совгIаташ а ду:  1-чу меттигна – 200 эзар сом, 2-чу меттигна – 100 эзар сом, 3-чу меттигна – 5 эзар сом, 4–5-гIий меттигашна – ткъе пхиппа эзар сом. Иштта билгалваккха лерина къийсадаларийн уггаре къона а, уггаре воккха а дакъалацархо. Цул сов толамхошна совгIаташ дийр ду дипломашций, мидалшций. Нека дар къовсарехь дакъалаца лаам болчийн дIаязбала йиш ю Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан официальни сайта тIехь : www.chechentourism.ru. Оццу сайта тIехь довза йиш ю дуьненаюкъара нека дар къовсаран хьелаш а. Туризмехула йолчу комитетехь тхоьга бинчу хаамца, хIинцале дуккха а наха схьахаийтина къийсадаларшкахь дакъалаца шаьш лууш хилар.

Хь.АБАЕВ

 № 75, шинара, 7 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: