А.Делимханов: Росси а, федерацин бахархой а ларбан, Ӏалашбан кийча бу нохчийн бӀаьхой

Арарчу а, чоьхьарчу а кхерамех Росси а, федерацин бахархой а ларбан, Ӏалашбан кийча бу нохчийн бӀаьхой.

ТӀеман гӀаттаман хьокъехь дуьйцуш а волуш, иштта дӀахьедар дина Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.

Цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин цӀарахчу сенаторша а, депутаташа а, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Россин субъекташкарчу векалша а, нохчийн халкъо а къобалдеш ду Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а дӀадолорш.

«Хьокъала доллу таӀзар доцуш таханлера цхьа а йамартхо вуьсур вац. Законийн лехамашца догӀуш а, чӀогӀа а хир ду и таӀзар«, — хаийтина Делимханов Адама.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: