
Нохчийн Республикехь адамийн бакъонийн векал волу Солтаев Мансур воккхавевеш ву Евросоюзан рогӀерчу санкцешна йукъахь ша а хиларна.
Цо билгалдаккхарехь, Донбассерчу маьршачу бахархойн гӀароле хӀиттинчу махкахойн могӀарехь нисвалар боккха йуьхькӀам а, дозалла а ду цунна.
«Евросоюзехь суо иштта вевзаш а, гӀараваьлла а хилар хууш дацара. Делахь а, укрофашистийн мостагӀ санна гӀараволуш ву со а, сан болх а керлачу санкцешца«, — билгалдаьккхина Солтаев Мансура.
Иштта, баланехь, халонехь болчу нахана гӀо-накъосталла даран болх сацоран ницкъ болуш цхьа а санкци цахиларна тӀе тидам а бахийтина цо.
«Россина дуьхьал керла санкцеш кхайкхорца гайтина цара шайн кхин дан хӀума цахилар«, — чӀагӀдина Адамийн бакъонийн векала.
Солтаев Мансур хилла ца Ӏа Евросоюзан санкцийн 11-чу могӀарехь — Нохчийн Республикин Премьер-министр Хучиев Муслим а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан буьйранча, Россин Турпалхо Чалаев Замид а ву оцу могӀарехь.