
ГӀаролан министерствехь а, Къоман гвардехь а къахьоьгуш болу нохчийн бӀаьхой, Лаккхарчу, Коьртачу Буьйранчина Путин Владимирна муьтӀахь а болуш, Россин цхьаалла а, цуьнан пачхьалкхалла а Ӏалашйарехь къахьоьгуш хилар хаийтина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, тӀеман гӀаттамца боьзначу хиламийн майданашка кхача хӀинцале а новкъабевлла уьш.
«Халкъо хаьржина ву вайн Лаккхара, Коьрта Буьйранча. Доллу хьал цунна дика девзаш ду, тӀеман леррина операци дӀайахьар шен тергонехь латтош а ву иза. Цуьнан сацамаш массара тӀеоьцуш бу. Къоме ша бинчу кхайкхамехь цо нийса билгалдаьккхина — тӀеман гӀаттам бу таханлерниг!«, — йаздина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.
Иштта, Путин Владимиран хӀора а дош ша къобалдеш хилар а хаийтина Кадыров Рамзана.