
Нохчийн Республикин Къоман банкана керла гӀишло йийр йу Соьлжа-ГӀалахь.
Пачхьенехь керлачу хӀусамийн туш а, Правительствон комплекс а йаран майданахь хиларца а догӀуш, цуьнан хӀинцалера гӀишло дӀайоккхур йолуш йу.
И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин Премьер-министран Хучиев Муслиман а, Россин Банкан векалийн а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Шен къамелехь Хучиев Муслима хаийтина Къоман банкана керла гӀишло йан оьшуш йолу майда билгалйаьккхина а, кехатийн бух кечбина а хилар.