Хууш ма-хиллара, кхана Ӏарафат де ду.
Цуьнца а догӀуш, Нохчийн Республикин Муфтиято йовзийтина оцу дийнахь марха кхаба Ӏалашо йолчо дан дезачу нийатан кеп:
«Ас нийат ди, кхана, хlокху Зуль-Хьиджа беттан Ӏарафат дийнан суннат-марха Делан дуьхьа кхаба! Аллахlу Акбар!«.
Веза-Воккхачу Дала къобалдойла вайн массеран нийаташ а, кхобур долу марханаш а!