
Республикерчу кегийрхойн йукъараллин боламийн жигархоша белхи дӀабаьхьна Къоьзан Ӏома тӀехь.
«ЦӀена мохк» цӀе а йолуш дӀайаьхьначу оцу экологин акцин гурашкахь нехаш схьагулйарца а, йакъайелла буц хьакхарца а къахьийгира кегийрхоша.
Нохчийн Республикин Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министерствос вовшахтоьхнера и беркате болх.
ХӀокху баттахь билгалдоккхучу Россин кегийрхойн денна лерина гӀуллакх дара иза.