«Ташкент — Соьлжа-ГӀала — Ташкент» авиамаршрутехула хьалхара рейс йина

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортан географин маршруташ шорлуш йогӀуш йу хӀора а шарахь.

«Ташкент — Соьлжа-ГӀала — Ташкент» авиарейс схьайеллар а оцу могӀарера ду.

Керлачу авиамаршрутехула хьалхара рейс хӀинцале а йина:
— 100 пассажир схьавеана;
— 130 пассажир дӀавахана.

Маршрутехула дӀасалелаш Uzbekistan Airways-н кема хир долуш ду, кӀиранах шозза рейс а йеш.

ТАШКЕНТЕРА схьа:
1-ра рейс — оршот-дийнахь;
2-гӀа рейс — йеари-дийнахь;

СОЬЛЖА-ГӀАЛАРА дӀа;
1-ра рейс — шинари-дийнахь;
2-гӀа рейс — пӀераскан-дийнахь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: