Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ДоттагIаллин орден яларца даггара декъалвира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Саралиев Шамсаил. Цо шен instagram агIон тIехь билгалдаьккхира, Пачхьалкхан Думин депутат оцу совгIатна хьакъ хилар.
«Юнусан Шамсаил федеральни тIегIанан воккха политик а, Россин патриот а ву. Вайн махкахь дехачу къаьмнашна юкъара барт чIагIбарехьа дукха къахьегна цо. Халчу хенашкахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дика накъост хилла а ву иза. Со тешна ву Ш.Саралиевс, Россин дуьхьа кхин а дуккха а гIуллакхаш дийриг хиларх», – бохура цо.
Ткъа Ш.Саралиевс ша билгалдаьккхира, и деза совгIат Р.Кадыров бахьана долуш шена дина хилар. Цо дийцарехь, регионан Куьйгалхочо дIахьош йолу политика бахьана долуш республика кхиаран новкъа схьайогIуш ю.
«Россехь дехаш долчу къаьмнашна юкъа питана таса гIерташ, вайн барт бохо гIерташ нах белахь а, хьо бахьана долуш паргIат дин а, къоман культура а лело аьтто бу хIораннан а. Россин цхьаалла Iалашъяр вайн массеран а юкъара гIуллакх ду, цундела цу агIор вай массара а къахьоьгур ду», – бохура Ш.Саралиевс.
Ала догIу, цунна и орден шен указца Россин парламентаризм кхиорна Россин Федерацин Президента Путин Владимира елла хилар. Россин Пачхьалкхан Думин спикера Нарышкин Сергейс дIаделира деза совгIат.
Суьрта тIехь: Россин Пачхьалкхан Думин Председатель С.Нарышкин, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Ш.Саралиев
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо