Наркотикашка а, синӀаткъам талхочу «молханашка» а цабезам кхоллар

Кегийрхой кхетош-кхиоран декъехь дуккха а белхаш бу республикехь дӀахьош.

Церан могӀарера болх бу кегийрхошлахь наркотикашка а, синӀаткъам талхочу «молханашка» а цабезам кхолларан гурашкахь къахьегар а.

Цунна лерина горга стол дӀайаьхьна пачхьенерчу Спортан а, кегийрхойн а цӀийнехь.

Республикерчу кегийрхойн йукъараллин боламийн жигархошца цхьаьнакхетта Нохчийн Республикин Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зӀенаш латторан департаментан белхахо Банкуров ИсмаьӀал.

Наркотикийн а, синӀаткъам талхочу а, корта бахочу а хӀуманийн хьокъехь дино а, Ӏедало а, Ӏадаташа а дуьйцург хьехна цо шен къамелехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: