Кадыров Рамзан: Даймахкана дуккха а эпсарш белла нохчийн халкъо

ТӀеман хиламийн ветеранийн денца махкахой декъалбина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, Россин йерриге а истори йу турпалаллица йоьзна.

Дуьненайукъарчу терроризмаца къийсам латторехь хьуьнарш гайтина нохчийн бӀаьхой а дагалаьцна республикин Мехк-Дас.

«Россехь кхерамзалла а, къепе а, машар а латторехь, зуламхойн тобанаш хӀаллакйарехь доккха зеделларг долу дуккха а эпсарш белла нохчийн халкъо Даймахкана«, — йаздина Кадыров Рамзана Telegram чуьрчу шен каналехь.

Иштта, Даймехкан исторехь къеггина цӀе йитина турпалхой а дагалаьцна цо — Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа, эзарнашкахь майра кӀентий.

Тидамза ца битина тахана тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн бӀаьхой а.

«Донбассехь, Херсонехь, Запорожьехь, нацистийн Украинехь бу уьш. Доккха маьӀна ду цара лоцург — националисташ а, НАТО-н хьадалчаш а хӀаллакбар«, — тӀетоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: