Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан 19 шо кхаьчна

Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан 19 шо кхаьчна.

Оцу хиламца цуьнан буьйранча Чалаев Замид а, белхахой а, ветеранаш а даггара декъалбина Кадыров Рамзана.

Telegram чуьрчу шен каналехь зорбатоьхна Нохчийн Республикин Мехк-Дас и декъалдаран кост.

Цо билгал ма-даккхара, террористашна дуьхьал масех эзар кхиаме операци дӀайаьхьна оцу полко.

Цул сов, вайн махкахь дуьненайукъарчу терроризмаца къийсам латторехь тӀадам хӀоттийнарг а изза полк йу.

Кадыров Рамзана тӀе тидам ма-бахийттара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дӀадолорца кхоьллина йара и полк.

«МаьӀне декхарш дара полкана хьалха хӀиттийна — бахархошна кхерамзалла а, зуламхошца къийсам а латтор«, — йаздина нохчийн Мехк-Дас.

ЦӀейахханчу оцу полкан белхахоша тахана тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш хилар а хаийтина цо.

«Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Полицин лерринчу полкан белхахой бара вайн эскарийн хьалхарчу зилашкахь Мариуполь мостагӀех паргӀатйаккхаран муьрехь. Иштта, Луганскан а, Донецкан а халкъийн республикашкахь иттаннашкахь йарташ мостагӀех дӀацӀанйина цара«, — тӀетоьхна Кадыров Рамзана.23:08

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: