Ишколашкахь 3 рожехь дешар дӀадаьлла республикехь

ТӀехьа-Мартан кӀоштарчу Хаьмби-Ирзехь схьайиллина 720 меттигна лерина керла ишкол.

Иза схьайелларца а догӀуш, эвлахь а, кӀоштахь а, республикехь а дӀадаьлла ишколашкахь 3 рожехь дешар.

Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Премьер-министра М.Хучиевс.

Цуьнца цхьаьна, иза схьа а йоьллуш, цигахь хилира Россин Федерацин серлонан министр С.Кравцов, Дешаран а, Ӏилманан а дéкъана тергойаран федеральни гӀуллакхаллин куьйгалхо А.Музаев, кхиберш.

М.Хучиевс билгалдаккхарехь, «Дешар кхиор» программин гурашкахь йина и ишкол Майраллин орденан кавалеран А.Цацаевн цӀарах хир йолуш йу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: