Кху шеран кхоалгIачу июлехь Нохчийн Республикин Парламентан рогIера йоцу кхеташо хилира. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Ислам, лакхарчу даржашкара цхьамогIа кхиберш.

Кхеташонехь дийцаре дан юкъадиллинарг деккъа цхьа гIуллакх дара: Нохчийн Республикин Парламентан керла Председате
ль харжар. 2005-чу шарахь дуьйна оцу даржехь лаьттина, оцу даржехь ша дикачу агIор гайтина Абдурахманов Дукхуваха, еххачу хенахь хала цамгар текхна, дIаваьллачул тIаьхьа (Дала гечдойла цунна) юкъадаккхаза ца даьлла гIуллакх дара оцу дийнахь парламентареша юкъадаьккхинарг.
Депутаташа законаш дахаран органан спикеран дарже хьалхатеттира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо, «Единая Россия» партин декъашхо Даудов Мохьмад. Цара, къайлаха кхаж а тесна, республикин Парламентан Председатель хаьржира иза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къобалбира депутатийн харжам. Цо М.Даудов декъалвира Парламентан куьйгалле харжарца, балха тIехь цуьнан аьтто а, кхиамаш а хуьлийла шена лууш хилар дIа а хаийтира. Парламентан керлачу спикера дош делира шен ницкъ, хаарш ца кхоош халкъан а, мехкан а дуьхьа доггаха къахьега, шена белла болу тешам ларбан.
Дагадаийта лаьа Даудов Хожа-Ахьмадан Мохьмад вина 1980-чу шеран 26-чу февралехь Ставрополан крайрчу Шпаковское юьртахь. Юккъера школа чекхъяьккхира Курчалойн районерчу Гелдаганахь, 2000–2002-чуй шерашкахь Россин Эскарехь гIуллакхдина. 2002–2004-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин Президентан кхерамазаллин службин взводан командир хилла вара, 2004-чу шарахь чекхъяьккхина Дагестанера пачхьалкхан университет. Оцу шарахь Нохчийчоьнан МВД-н патрульно-постовой службин ротин командир хилла волу иза республикин ОМОН-х командиран заместителан штабан хьаькаман дарже кхечира ши шо далале. 2007-чу шеран апрелера 2010-чу шеран марте кхаччалц чоьхьарчу гIуллакхийн Шелан районан отделан хьаькам лаьттира. 2010-чу шеран март баттера 2012-чу шеран май бутт кхаччалц Нохчийчоьнан Правительствон Председателан хьалхара заместитель вара. 2012-чу шеран май баттахь дуьйна – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо.
Цо дукхазза а дакъалаьцна бандформированешна дуьхьал дIабаьхьначу тIемашкахь. Оцу тIемашкахь майралла, стогалла, доьналла гайтарна 2007-чу шеран 25-чу июлехь Россин Президентан Указца цунна Россин Турпалхо сийлахь цIе елла.
Вайн цхьа а шеко яц Нохчийн Парламентан Председателан балхаца а иза кхиамца ларориг хиларх.
Д.АНАДЕВ
№ 75, шинара, 7 июль, 2015 шо