Путин Владимиран а, Кадыров Рамзанан а цхьаьнакхетар

Командировкин гурашкахь шен а, Путин Владимиран а цхьаьнакхетар хилла хилар хаийтина Кадыров Рамзана.

Цо билгал ма-даккхара, Россин Федерацин Президентана цигахь довзийтина Нохчийн Республикера экономикин а, социальни а хьал.

Цул сов, бийцаре бина республикин кхиамаш а, кханене болу хьежамаш а.

Иштта, таханлерчу ГӀурбанан денца а догӀуш, шен цӀарах бусалбанаш декъалбе аьлла, Кадыров Рамзане дехаран кост а дина Путин Владимира, къаьсттина декъалбан богӀуш тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болу бӀаьхой а хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: