
Таханлерчу дезчу денца Россин Федерацин бахархой болу бусалбанаш декъалбина Путин Владимира.
«ГӀурбанан денца даггара декъалбо ас Россера бусалбанаш. Кхетамашна а, синошна а доккха маьӀна долуш дезде ду хӀара. Йукъараллехь дикалла а, къинхетам а, нийсо а йаржорна Ӏаткъам беш де ду ГӀурбанан де«, — йаздина Россин Федерацин Президентан декъалдаран костехь.
Иштта, Россехь барт чӀагӀбарехь а, цуьнан дахарехь а бусалбанаша доккха дакъалоцуш хиларна а тӀе тидам бахийтина Путин Владимира.
Цул сов, тӀеман лерринчу операцехь бусалбанаша дакъалацар а, цуьнан гурашкахь, кхиамаш а бохуш, цара майралла а, доьналла а гойтуш хилар а тидамза ца дитина цо.