Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан 19 шо кхаьчна

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондан 19 шо кхачарца цуьнан президент Несин Аймани декъалйина Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.

Министра билгалдаккхарехь, Несин Айманис куьйгалла дечу Фондо дика гӀуллакхаш а, нахана хазахетарш а дуьне ма-дду деш ду, церан динаш а, къаьмнаш а ца къестош.

Цул сов, республикера социальни маьӀна долу объекташ йар а, меттахӀиттор а оцу Фондаца доьзна хиларна тӀе тидам а бахийтина цо.

Тидамза ца дитина Нохчийчохь а, Россехь а, дуьненахь а Фондо деш а, дан лерина а дика, маьӀне, мехала гӀуллакхаш.

Иштта белхаш барца а, Фондан 19 шо кхачарца а доьзна, цуьнан куьйгаллина а, белхахошна а баркалла а аьлла Дудаев Ахьмада.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: