
Луганскан Халкъан Республикерчу цхьамогӀа ишколашкара дешархой Нохчийчу баьхкина.
10 де доккхур ду цара вайн махкахь.
Оцу хена чохь царна республика гойтур йу, цаьрца дӀахьур йу лекцеш, мастер-гайтамаш, спортан ловзарш.
Цул сов, нохчийн къоман культурин тӀаьхьалуонаш а, нохчийн лаьмнаш а довзуьйтур ду.
Хьешашца и белхаш дӀабахьар тӀелаьцнарг Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет йу.