ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIала веана ву дуьненахь а вевзаш волу суьрташдахархо Стенли Грин. 1994-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь дукхазза хилла ву иза. Дукха хьолахь Стенлис дохурш тIеман суьрташ ду, Нохчийчохь тIом болчу хенахь, кхузахь дуккха а суьрташ даьхна цо. Иза ша Iамаркехь вина ву. Бераллехь дуьйна, шен деца-ненаца театран тобан декъехь дуьненахула дIасалелаш, суьрташ даха волавелла Стенли.
Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкахь хилла иза, тIеман суьрташ дохуш: Иракехь, Афганистанехь, Ливанехь, Сомалихь, Шемахь, кхечу мехкашкахь а. Делахь а, Нохчийчоь санна гергара ца хетта цунна цхьа а меттиг.
Нохчийчохь тIом болчу хенахь, ша хIумма а ца деш Iийча, ша а шена бехке хетар волундела, байъинчу, лазийначу нехан, йохийначу гIишлойн суьрташ дохура цо. Юха дуьненна а уьш гойтура. Стенлина уггаре а дукхадезаш цхьа сурт ду – цу тIехь нохчийн къона зуда Залина ю. ТIеман хенахь шен бер делчхьана дуьйна, даима корах арахьоьжуш Iаш хилла иза. Цуьнан юьхь тIехь цхьа а гIайгIа, халахетар ца го, мелхо а тамашийначу басца «догуш» ду цуьнан сибат. Оцу суьрто дуккха а совгIаташ даьхна дуьненаюкъарчу къийсадаларшкахь. «Iаьржа паспорт», «Йиллина чов» цIе йолчу книгаш тIехь зорбане даьхна цо шен суьрташ, царна юкъахь ду Соьлжа-ГIалахь даьхнарш а. Карарчу хенахь кхин цхьа фотокнига еш ву Стенли Грин. Ша хьалха суьрташ даьхначу, шена бевзаш хиллачу нохчех хIун хилла хаа лууш, шен книгина материалаш лохуш веана иза тахана Нохчийчу.
ДIадаханчу кIирандийнахь Кхузаманан искусствон марказехь нохчийн «Ламберд» фотоклубан декъашхошца – суьрташдахкархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира С.Грина. Нохчийчуьра хилла ца Iаш, луларчу республикашкара а баьхкинера хьеший.
ТIаьхьарчу шерашкахь ша даьхна суьрташ а, шен книгаш а гайтира Стенлис гулбеллачарна. Иштта, къоначу суьрташдахархошна лерина мастер-класс дІаяьхьира цо. Ша суьрташ муха доху, суьрташдахаран искусствехь коьртаниг хIун ду дуьйцуш, дуккха а зеделларг довзийтира С.Грина. 
«Ткъа шо хан ю со дуьххьара Нохчийчу веана а, ас кху махкана тIехь терго латтайо а. Хьуна меттиг езаелла ца хилча, хьо кхуза юх-юха оьхур вац. Суна хаьа, сан дахар даима а Нохчийчоьца доьзна ду. Суна кхузахь дуккха а дика адамаш девзина, царех суна тешаме дика накъостий а хилла», – элира Стенлис шен къамелехь. Шена Нохчийчохь бевзаш хиллачу нахах лаьцна дийцира цо. Къаьсттина довхачу дешнашца вистхуьлура Шуьйтан районерчу Зонахара шена бевзаш хиллачу доьзалх лаьцна. Уьш массо а тIамехь байъина хилла. Церан суьрташка ша хьоьжучу хенахь хала хуьлура шена бохуш, дуьйцу Грина. Иштта, республикин куьйгалло шена хьошалла дича, хазахетарца Соьлжа-ГIалахь соцур вара ша элира цо, гуттаренна ца висахь а. 
Цхьаьнакхетар чIогIа чулацаме дара. Дог Iовжош, дагалецамаш ойлане кхерсташ, цкъацкъа легашка хораман къурд хIуттуш, даггара дуьйцура цо. ТIеман суьрташка хьоьжуш, бIаьргашна хьалха хIуьттура Нохчийчохь хилла къемат де. Бакъду, хазахетаран а, беламе а меттигаш нислора мастер-классехь дIахьош хиллачу къамелехь. Нохчашца Стенлин йолчу дикачу юкъаметтигаша, вайн къомах лаьцна цо олучу довхачу дешнаша дог хьостура. «Ламберд» клубан декъашхойн суьрташка хьаьжна, царех лаьцна шена хетарг дийцира гIараваьллачу суьрташдахархочо. Гулбеллачеран хаттаршна жоьпаш луш, дерзийра цхьаьнакхетар. Нохчийчохь хуьлучу хийцамийн суьрташ даха ша кхин а вогIург хилар хаийтира Стенлис.
А.МУСАЕВА