Анапера – толамашца

ХIокху деношкахь  Краснодарски крайн Анапа гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула кхиазхошлахь Краснодарски крайн 21-гIа турнир. Цигахь дакъалоцуш вара 53 командера, 343 спортсмен ю.

YXBj8UNDSF4

Вайн Республикера 13 спортсмен  вара цигахь дакъалоцуш. Къийсадаларш дIадаьхьира ялх дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлла вайн махкахой х1орш бу. Хьалхара меттиг яьккхира Юсупов Байсангура (42 кг) Соьлжа-ГIалин Ленински районан ДЮСШ, шолгIачу меттехь вара Жухалаев Жабраил (58 кг) – РДЮСШ, кхоалгIа меттигаш ехира: Мучураев Бувайсара (46 кг) – РДЮСШ, Исаев Хьамида (63 кг) – РДЮСШ.

Оцу кхиамашка вайн кхиазхой кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: С.Вазаров, М.Бециев, Н.Мучураев, И.Мучураев, Ш.Вараев.

Турнир вовшахтоьхначара леррина совгIат дира Нохчийн Республикин хьакъволчу тренерна турниран суьдхочунна Тулаев Бесланна.

З.ШИШХАНОВА

 №76, 9-г1а июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: