
ТӀеман лерринчу операцехь дакъа а лоцуш, Луганскан а, Донецкан а халкъийн республикашкахь шайн декхарш кхочушдечу «АХМАТ» спецназерчу нохчийн бӀаьхошна кхачанийн сурсаташца рогӀера гӀо-накъосталла дина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо.
Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Кадыров Рамзана.
Цо билгал ма-даккхара, и гӀо-орца 50 тонна кхачанан сурсатех лаьтташ ду.
Цунна йукъахь ду хи, мерза хи, дакъийна жижиг, йоьхьаш, чай, кофе, гарзанаш, даьтта, мерзалгаш, и.д.кх.а.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Фондо иштта гӀо-орца хаддаза латтош хиларна тӀе тидам бахийтина Нохчийн Республикин Мехк-Дас.