
«Единая Россия» партин «Zа Самбо» проектан гурашкахь Соьлжа-ГӀалахь дӀайаьхьна самбон 85 шо кхачарна лерина форум.
Иза вовшахтоьхна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь.
Цигахь дакъалаьцна Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.
«Спортан уггаре а сиха кхуьучу кепех цхьаъ йу самбо Нохчийн Республикехь. «Единая Россия» партис гӀо а деш, карарчу шарахь самбон секци 5 ишколехь схьайиллина. Шо чекхдалале уьш 15 хир йу«, — хаийтина министра.
Форуман хьокъехь дийцича, иза беркате хилира, хӀунда аьлча, вайн махкахь самбо кхиоран некъаш дара цуьнан гурашкахь дийцаре динарш.
Дудаев Ахьмада тӀе тидам ма-бахийттара, республикехь самбон 35 тренер а, 1 200 сов самбист а, иштта, самбо Ӏамош 1 600 дешархо а ву.
2023-чу шарахь, оцу темина лерина а йолуш, 219 материал кечйина республикин а, муниципалитетийн а шуьйрачу хаамийн гӀирсаша.