
Хьешашна а, туристашна а кхин а бегӀийла хьелаш кхуллур ду Хойн историн-архитектурин комплексехь.
Нохчийн Республикин культурин министран Кадырова Ӏайшатан дӀадолорца цигахь хилла цуьнан хьалхара гӀовс Байсарова Марет.
Комплексехь бан лерина хийцамаш бовзийтина цо:
— гӀашлойн некъийн могӀарехь бецан чкъор тасар;
— пхьалгӀанна хӀусам билгалйаккхар;
— кхачабааран хӀусам билгалйаккхар;
— бӀаьвнна хьалхара дечиган лами тобар;
— гидашна/экскурсоводашна лерина хьехарш кечдар.
Оцу белхашна оьшучу харжийн кехаташ кечдар хӀинцале а дӀадолийна.