
Невран кӀоштахь дӀадаьхьна меттигерчу бахархойн могашалла таллар.
2 дийнахь лаьттина и болх, 1 801 стеган могашалла а толлуш. Царалахь 718 бер а ду.
Флюорографин таллам бинарг 519 стаг ву, ткъа маммографин — 253 стаг.
478 стеган могашалла кхитӀе а талла йезаш хилар а билгалдаьлла.
Церан могӀарехь 217 бер хилар билгалдаьккхина Нохчийн Республикин могашалла Ӏалашйаран министерствос.