Марьинка шахьаран тӀехулара стигал мостагӀан кеманех ларйеш йу нохчаша

Нохчийн «АХМАТ» спецназан бӀаьхой жигаралла а, эвсаралла а гойтуш бу.

Царна гӀо деш йу Россин гӀаролан министерствон 20-чу дивизин 103-гӀа полк.

Кадыров Рамзана бина оцу хьокъехь хаам Telegram чуьрчу шен каналехь.

Цо билгал ма-даккхара, Марьинка шахьаран тӀехулара стигал мостагӀан кеманех а, ракетех а ларйеш йу цара.

И болх дӀабахьарехь бӀаьхоша пайдаоьцу «Верба» ПЗРК-х.

Даймехкан дуьхьа къа а хьоьгуш, цуьнан гӀаролехь лаьттачу вайн бӀаьхошна баркалла а аьлла Нохчийн Республикин Мехк-Дас.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: