Кадыров Хьамзат «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтар» II-чу тӀегӀанан орденца къастийна Путин Владимира

Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан гӀоьнча-хьехамча волу Кадыров Хьамзат пачхьалкхан совгӀатца къастийна Путин Владимира.

Россин Федерацин Президентан Указца а догӀуш, «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтар» II-чу тӀегӀанан орденца билгалваьккхина ву Кадыров Хьамзат.

Белхашкахь кхиамаш бахарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а дина совгӀат ду иза.

Бакъонийн хаамийн pravo.gov.ru портала тӀехь зорбатоьхна оцу хьокъехь хаам.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: