Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу «Северный» аэропортера цхьамогӀа керла рейсаш схьайелла тарло:
1) Соьлжа-ГӀала — Сочи;
2) Соьлжа-ГӀала — Волгоград;
3) Соьлжа-ГӀала — Тбилиси;
4) Соьлжа-ГӀала — Джидда.
И гӀуллакх дийцаре дина Нохчийн Республикин транспортан а, зӀенан а министра Черхигов Рамзана а, «Азимут» авиакомпанин кхочушдаран директора Теплицкий Эдуарда а.
Керлачу рейсех пайда беккъа бахархошна хилла Ӏийр бац — туризман дáкъа кхиорна а боккха Ӏаткъам хир бу царах.